Статистика
Онлайн всего: 1 Гостей: 1 Пользователей: 0
|
Главная » 2015 » Июль » 04
БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМИ!
Кхузаманан, «демократин» дахарца вехачуьнга а ца кхойкху, питанче еша а ца боху, хийрачу орам тIе, шен маргIал доьгIначуьнга безам а бац. Суна везарг ву: тешар дерг; ненан мотт бицбина воцург; дайн ламасташ16 лорург; бакъ орам лоьхург; шен халкъах дог лозург; Iожалла тIеэцна а, сий ларориг; Даймахкан сибат дайча, дог асаре хуьлуш верг; иштта, дохко ваьлларг а.
СУЛЕЙМАН АСЛАМБЕКОВ
<
...
Читать дальше »
Просмотров:
1922
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
04.07.2015
|
|
Гуне, АлгIа, Халда, Варзап, Нах-Ша, Арне, Юарубани тIаьххьаре а цхьаьна бисира, шайн коьртехь Ваване а волуш. Хилларш, лелларш дуьйцуш, дикка Iийра уьш. Массарна хаа луург дара, Гуне кхуза кхачо, кхолладеллачу бахьанах лаьцнарг.
- Сан нанас Шинталас, шен йоIана гаттадечу сино кхачийна со кхуза уггар хьалха. Цул совнаха, цIаверзо томечу хьолахь хIара Халда велахь, и декхар а ду суна тIедиллина. Кхин цхьа бахьана а ду, со кхуза валийнарг. Иза ву, сийдолу Эйа. Дукха хеттарш ду сан цу хьекъалчан жоп дезаш – цо аьлча,
- Изза Iалашо, сан а яр-кх, кхуза вогIуш. Суна хууш дацара, хIара вайн лазархой а, церан нускалаш а, хIинца а кхузахь дуйла – олуш, забар ян гIоьртира, Гунен нуц ларалуш волу АлгIа.
- Тхо лазархой бахьана долуш, шу кхуза ца кхаь
...
Читать дальше »
Просмотров:
1860
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
04.07.2015
|
|
Историн хьесап а, хаамаш а:
Месопотамин23 къилбседа-малхбузехьа долчу, «Балих» («Ба-али-хин» кхин цIе, «Гуллаба» ю) хица Iуьллуш йолу Харран (нах-маттахь «Ха-ара», гIазкх., «стража степи, долины»), махлелорца ладаме гIала хилла. «Балих», Евфратах (Нахарина-хи)24 дIакхетта хи ду иза. И Харран-ГIала а, Митаннин пачхье хиллачу Вассуканни-ГIалана, 75-80 чакхарма а йолуш, Дамаск-гIалана, 450 чакхарма юкъ йолуш хилла ю. Цу кIоштахь вовшахакхеташ хилла Вавилонера, Жимачу Ази а, Сийрихула (Сири)25
...
Читать дальше »
Просмотров:
1854
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
04.07.2015
|
| |
|
Календарь
| « Июль 2015 » |
| Пн |
Вт |
Ср |
Чт |
Пт |
Сб |
Вс |
| | | 1 | 2 | 3 | 4 | 5 | | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | | 13 | 14 | 15 | 16 | 17 | 18 | 19 | | 20 | 21 | 22 | 23 | 24 | 25 | 26 | | 27 | 28 | 29 | 30 | 31 |
|