Статистика
Онлайн всего: 1 Гостей: 1 Пользователей: 0
|
Главная » 2015 » Июль » 02
Цул тIаьхьа, Ан-са-дица къайле йолу къамел диначул тIаьхьа, сте йолу Нур-сири шен берашца, сту-ненан, Малх-Азнин кхерчахь а йитина, шолгIачу дийнахь новкъавелира Чимолли. Сел сиха иза новкъавала хIоьттина бахьана дара, Нинуа-ГIалара веъна геланча. Цу геланчас Чимоллига а хьахийна, цуьнгара хаам хилира Ваурхе, кхана кху метте кхочуш, ял гулаечу тIемалойн онда бIо хилар. Цо дийцарехь, кхузахь гулайина ял эцна, цхьа дакъа «Дур-Тикульти-Нинуртан» гIала а доьдуш, бисна бIо «Ха-ба-хин», «Меха-Арин» мехкашкахь ял гулайан баха безаш бара. Цул тIаьхьа, Кумме-ГIала иза гIураг хилар а, Iорадаьллера кхарна. Цаьрга боцчу безамна, Варзапас а бира новкъавала сацам. ХIара новкъавалале, кхо къано, кхин цкъа а дагавалархьама вовшахакхийтира. Иза дара, алдар беттан 13-гIачу дийнан сарахь, дуьззина диъ де ахде хьалха.
 
...
Читать дальше »
Просмотров:
1744
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
02.07.2015
|
|
Сиз хьакхарца билгалабинарш, историн бакъ турпалхой хилла, бисначарех цхьаберш, историн тешаллаша хьахийна а бу:
Кархамэса, паччахь – Ини-Тешшуб-II-ниг (12-гIа бIешаран юкъ).
Египет, – пирIун Рамсес-II-ниг (1279-1213 шш).
Аррапха, цуьнан паччахь – Вавилонах, 1235 шо кхаччалца вазар долу Муш-Тешшуб.
Ассири паччахь – Адад-На-арара-I-ниг (1307-1275) / (1295-1264 шш).
Нах-Арена (Митанни, Меттан-На) паччахь – Шаттуара-I-ниг (1290-1265 шш); Васашатта (1265-1240 шш).
Эла-лам /Эллам
...
Читать дальше »
Просмотров:
1603
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
02.07.2015
|
|
ТIЕТОВЖАРШ:
19 Мусасир («Маса-Сур» - «ХIал-Да» цIун культан юкъ хилла) – Иза хилла, шира гIала-пачхьалкхе, «Лакхара», я «Доккха Заб» олучу хин атагIан лакхенехь, «Ван» олучу Iоманна къилб-малхбалехь Iуьллуш а йолуш. И гIала-пачхьалкхе хиллачух тера ю, уггаре а хьалха урартойн ваьрраш даха хевшиначу меттехь, кхузаманан гIажарин юрт Мудъесир (Mudjesir) лаьттачу меттехь. И юьрт ю, Ревандуз гIалана 18 км гергахь. Ширачу оьмаран II-гIа эзар шараш чекхдовлачу муьрехь, «Урарту» аьлча, историна евзуш йолу онда пачхьалкх кхоллало, цу махкана гонахьара кIошташ чу а лоцуш. И ваьрраш таваккал деш хилла, шайн онда волчу цIуна «ХIал-Дена». Иза, Ассирин коьрта цIу волчу «Ашшурна», даима дуьхьала лаьтташ
...
Читать дальше »
Просмотров:
1556
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
02.07.2015
|
|
ТIЕТОВЖАРШ:
70 «Шубарт», («Хурри - шу/су/бартойн Барт» - «субареи» («шу/су/-бара-и»), – аьлла цIе дуьххьара «шумарша» а йоккхуш, цаьргара и цIе дIаэцнарш, «аккадаш» хилла, и «шу» боху кхетам «су» дашца хуьйцуш. Шумаран шира йозано кест-кеста хьахош ду, «шубарта» (субари) олу ваьрраш а, церан дахарах лаьцнарг а. Хурритин меттан аларш долу, цу халкъан матта юккъера дешнаш а хаало, «шумаройн матта» юкъахь. «Хурриташа» кхоьллина йолу «Мари» олу гIала-пачхьалкхе, 26-гIачу бIешарашкахь ша коьртехь йолчу хенахь, цхьана куьйга кIелахь паччахьалла хира долуш, и доллу «ширакавказхойн» бух болу халкъаш вовшахатоха гIоьртина хилла, юкъара цхьа онда пачхьалкхе
...
Читать дальше »
Просмотров:
1692
|
Добавил:
erzu
|
Дата:
02.07.2015
|
| |
|
Календарь
| « Июль 2015 » |
| Пн |
Вт |
Ср |
Чт |
Пт |
Сб |
Вс |
| | | 1 | 2 | 3 | 4 | 5 | | 6 | 7 | 8 | 9 | 10 | 11 | 12 | | 13 | 14 | 15 | 16 | 17 | 18 | 19 | | 20 | 21 | 22 | 23 | 24 | 25 | 26 | | 27 | 28 | 29 | 30 | 31 |
|